وعليك السلام ورحمة الله وبركاته
Хьуна хаарца, идеальный адмаш ца хуьли. Ше цхьа сакхтал, ледарло, эшам боцш мила ву? Хьа хаттарна жоп ма делла Пайхмара, соллалЛах1у 1алайх1и ва саллам, цо аьлла (маь1ан):
"Бусулб стаган бусулб зудчуьнга цабезам ма хуьлийл, цуьнгар цхьа х1ума ца дезахь, кхечу х1уман реза хира ма ву и" (Муслим)
Майра а, зуда а ду цигахь дуьйцаг бах.
Т1аккха зудчунна а дог1у аьл хета суна и Хьадис. Цу стагехь цхьа вуо сыфат дар али, ч1ог1а цабезам ма хилийт цуьнга.
Дикниг га хьажа. Дикнаш дац цуьна? На брак влиять дийр долш, тем более ма хилийт и цабезам а, дог дат1ар а.
Жоьжх1итчу зудри бохуьйт бахьнех х1у дар? Майрчунна неблагодарны хилар. Цо дерриг дахарехь шена дика дича, юх цуьнгар цхьаъ ма даьллан: "Цкъа а хьоьгар дика гина яц со" олуш. Ахь и до ца бах хьуна ас, делахь ша царех хиларх кхера еза зуда.
Т1аккха, ше к1орге дагчу хьажа еза, х1ара ч1ог1а важный момент ю хьуна, ойл елахь: в глубине души, багхул ца аларх, сун тхойшиъ цхьатеррам ца хета те? Сой цуьн уровнехьм ца хет те суна?! али ойл йе.
Если хьуна хети - и бахьан ду ч1ог1 дог эт1ари. Если цхьа адам хьун хьайл лекхар хети, хьун авторитет дуй и адам? Цо деш дол дов хьайн кхеча кепар го, цуьна лелар ша тайп го.
Амма хьай нисархочо аьллиг иштта ца го, "ахь мух ол соьг иштниг?" Или "ахь муха до иштниг?", цундера цу х1умшан терго йе. Хьайн дов дича, масалан, цуьна бакъо йар али дагахь хилийта, и харц луьш вацахь бохаг дукх са и.
Ткъа г1алат цуьнниг далахь, Хьадис юху деша.
Массо х1усмехь ю хьун шай кьайленаш, вовши ца дийцарх. Цундера, долш долу ни1мат га хьаж. Долш дол ни1мат гуш цхьа висни те? Минусш гуш берш ма дукха бу.
1иса, 1алайх1и-с-Салам, вара аьлла деъна, ше накъосташци, делла дийнатан (животный) т1ех волуш. Вукхара: ма вуо хьож йоха цуьнах, аьлча, 1ийсас, 1алайх1и-с-Салам: "Ма к1ай ю цуьн цергш" элар аьлла. Дикниг гуш хилар доккха ни1мат ду.
Ма говза аьллера:
"В одно окно смотрели двое. Один увидел дождь и грязь, Другой — листвы зеленой вязь, Весну и небо голубое. "