بسم الله الرحمن الرحيم
АллахӀа вайн нияташ Шен доьхьа дойла, вайн ерриге Ӏамалаш къобал а йойла.
Цул тӀаьхьа.
Дийца луург хӀун ду.
Академин дешархойх лаьцна дийца лаьара вайна. И дешархой цу академих а, Ӏадланах а ( АллахӀа Ӏалаш войла иза) боьзан ца хилар хоиташ,ай оьрсийн маттахь аьлча "фанатеть" деш ца хилар.
Хаттар ду-кх вайн шуьга, цу Ӏадлане ( АллахӀа Ӏалаш войла иза) бен вай ладугӀуш ца хилча, цунгара бен Ӏилма оьцуш ца хилча, цун дарсех бен пайда оьцуш ца хилча, дуккхачу дарсех хаьдан хила ца дезара вай? Цуьнан дарсаш дан аьтто хуьлуш ца хилар бахьан долуш ( АллахӀа товфикъ лойла цунна , хенах беркат а деш) . Цхьана дарсе ца доьдуш, цхьана деша метте дӀа ца дазалуш, цхьа йоза, жайна ца доьшуш хила ца дезара???
ХӀинца шозлагӀа хаттар.
Дуй иза иштта?
Дац ВаллахӀи!
Маьлхо кхин а, кхин а чӀагӀлуш доьдуш ма ду дешар АллахӀан къинхетамца!
Цу академин дешархой ма бу маьлхо а масанхьа!
Хьифзехь уьш бу, хьадисийн дарсехь уьш бу, фикъхӀан дарсехь уьш бу, мотт Ӏамош уьш бу, жайна доьшучехь,пайде эфирехь уьш бу,дӀахьоьхуш уьш бу, даӀватан майданаш дӀалаьцнарш уьш бу, диканиг де, вониг ма де олуш уьш бу!
ВаллахӀи аса АллахӀан цӀарца чӀагӀо ма йо, 10 адам а ма ца девза сун академехь доцу, цу академехь берш санна къа хьоьгуш!
Кху чохь, вк чохь, инстрамм чохь, ватсапп чохь, одноклассники чохь, тик ток чохь а, бип олу чохь а даӀват деш букх! Муьлш бу? Академин дешархой букх.
Ткъа и даӀват дац декъ Ӏадланан ( АллахӀа Ӏалаш войла иза) къамелаца чакха долуш. Маьлхо а Рамзанан, Ахьмадан, Мусан, ШоӀипан ( АллахӀа Ӏалаш бойла уьш) церан а, иштта кхин а дешначу нехан Ӏилма ду даржош цара!
Ойла ечунна кхетал хьаха дина аьлла хета вайн.
Академин дешархой бац бекъ цу академих боьзан, и Академи церан хӀусам ю, доьзал буьйсана чу гулла луш йолу, ткъа дийнахь уьш ара бовлий шайн Ӏилма лохуш а, даржош а белхаш до.
Вай дийцина дац шун Академин беркаташ, уьш дийца еха хан езар ю.
Кхин а билгал даккха лаьа, цу юкъахь бийцина кхиамаш биначу нахана юкъа даьтташ дац вай ваьш, ма мотталаш цхьа хӀума долахочо шен хьокъехь аьлла ду, иштта язо йолинехь'м дукх чӀогӀа деша тамехь доцу йоза хир дара хӀара.
АллахӀа вай дерриш а нисдойла нийсачу новкъа де, АллахӀа кху умматан а, вайн къоман а пайде дойла вай а, Академи а!
АллахӀа эзарнашкахь дешархой дӀабазболитийла цига.
АллахӀан букх хастам иштта ниӀмат вайн делла волу.