Сан Шайх Ӏабдул-Вакил дӀакхелхи тахана!
АллахӀа къинхетам бойла хьох!
Бухарий, Муслим хьадисашна, иштта кхидолу жайнашна ас ижазаташ эцна шайхех цхьаъ вара Шайх Ӏабдул-Вакил. Бухарий, Муслим жайнина дуьненчохь уггаре лакхара зӀе йолчех цхьаъ вара Шайх. 90 шо дара Шайхан, амма хӀинца а хьадисаш хьехар, мутаӀеламашна уьш дешар сацийна вацара, дуьнен тӀера массо меттера нах шена тӀе а оьхуш. Иштта Делаца йолу юкъаметтиг яра Шайхан шакепара. ДагадогӀу суна, Шайх Ӏабдул-Вакилан хьадисаш деша тӀебахана Шайх Вахьидан тӀегӀанера шайхаш, цигара цӀа веъча Шайх Вахьида тхуна юьйцуш, Шайх Ӏабдул-Вакилан Делаца йолу юкъаметтиг, делкъанна охьаховший пхьуьйрралц хьадисаш доьшуш йоккху хан кӀеззиг хетта, бес-бесара мехкашкара схьадаьхкина юхадаха дезаш а хиларна, Шайх Ӏабдул-Вакил Ӏуьйранна 7 даьлча бен дӀавуьжуш воций шайна хуун дела, Шайхан уггаре уллера волу Шайх Хьамид Акраме элира шаьш, Шайх иштта а буьйсанна вуьжуш ца хилча, пхьуьйрал тӀаьхьа цхьан шина сахьтана мукъане а мажлис яхъян пурба лур дарий-те Шайхо, тӀаккха Шайх Хьамид Акрама Шайхе хьуна дукха хала дацахь мажлис пхьуьйрал тӀаьхьа яхъян лууш дара шаьш аьлча, дикка аьлла а валале, реза воцуш Шайхо сихвелла хӀан-хӀа олуш жоп делира, шен буьйса Къуръанна ю, шуьца яйа йиш яц аьлла, тӀаккха шаьш цхьа хатта ца хӀуттуш, халла цхьаммо хаьттира Шайхе, маса жуз доьшу ахь тахӀажжудехь аьлла, дика дага ца догӀу суна, хӀинца Шайхо делла жоп, воккха хилла ша, могшалла яц, кӀеззиг дешало шега, суна дагадарехь 10 я 10 цакхоччуш доьшу ша аьлла, мархийн баттахь деш дерг дац иза, вуьшта ханчохь хӀора буьйсанна йолу раж ю, ткъа Шайх цу хена 83 шо долуш вара!
🚀
https://t.me/adlan_haracho