Цуьнан къамел ша-ша доккхуш хьахийча, цо боху: "Со ашIарий Iакъидатехь ву". Цуо вуьцу ашIарий мила ву вай хьевсича, и дера ву, Абу Хьасан Ал-АшIарий цIе йолуш, шен Iилмана некъах 40 шарахь муIтазалий (кериста Iакъидат) тIехь хилла волуш, цултIехьа тоба дина, куллабий (бидIатан кхетам) тIе дехьавелла волуш, цултIехьа тоба дина, нийсон кхетам тIеэцна волуш, хIетте а, берриг кхетам нисбала кхиъна хилла воцуш волу стаг. Иза хьекъале ду, хIунда аьлча, шен дерриг дахар харцон тIехь дIаделла волу стаг, нийсон тIевелча, и дерриге хийца хала хира ду, дуккха хан езаш хIума а ду иза. Муьлха хьолехь, Дала къинхетам бойла цунах. Цу АшIарис ша тоба дича аьлла дешнаш ду: "Со Имам Ахьмадан Iакъидат тIехь ву" йа "Со Iакъидатехь Хьанбалий ву (Имам Ахьмадан кхетам тIехь ву).
Ткъа хIокху ахь ваитинчо хIунда цабоху, цу шен имам волу АшIарис боххург: "Со Имам Ахьмадан Iакъидат тIехь ву"?. ХIунда цабоху бахьан къегина ду, цо и алахь, Имам Ахьмадан къамелехь шен галбелла ашIарийн кхетам шена Ахьмадан къамелехь карор боцудера. Ткъа ша ашIарий Iакъидатехь ву аьлча, АшIарис 40 шарахь бийцина керистан кхетам карор бу цунна, цултIехьа бийцина бидIатан кхетам а карор бу цунна. И цхьа бахьан дукх, кхо ша АшIарий ву аларан.
ЦултIехьа цо боух, АхIлу сунна валжамаIа ю АшIарий Iакъидат. И муха хуьлу? Къуръан чохь Дала Шен "ши куьг" ду бах, АшIарий Iакъидатехь "АллахIан ши куьг дац" бах. АллахIа Ша лакхахь ву бах, Iарш тIехь ву бах, АшIарий Iакъидатехь "АллахI лакхахь вац, Iарш тIехьа вац" бах. Иштта дийцина веравоцуш дукха ду, Дала Къуръан чохь бохучунна, Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бохучунна дуьхьула АшIарий Iакъидатехь хIуманаш. ТIаккха муха хуьлу иза АхIлу Суннатан Iакъидат?!
ЦултIехьа гуттар галделлаг ду, шех бераш а доьлурдолуш къамел ду цуьнан: Имам Маликийн мазхIабехь мелверг а, Абу Хьанийфатан мазхIабехь мелверг а, Имам ШафиIийн мазхIабехь мелверг а, Имам Ахьмадан мазхIабехь лоруш мелверг а АшIарий Iакъидат тIехь хилла ву аларн.
Умматехь, хIара воцчо цхьанне адмо аьлла хIума а дац иза. Кхардар доцуш, даггара хетарг аьлча, къанвелла, кхетам, хьекъал а дIадахна, ша хIун дуьцу цахууг гIурт буьцуш ву иза.
Имам Маликан мазхIабехь волу, цуьнан мутIелим волу Iабдуррахьман ибн Къосим АшIарий хилла ву? IабдуллахI бин ВахIб АшIарий хилла ву?
Имам ШафиIийн мазхIабехь волу, цуьнан мутIелим хилла волу Имам ал-Музанний АшIарий хилла ву? Имам БувайтIий АшIарий хилла ву?
Имам Ахьмадан мазхIабехь хилла волу, цуьнан мутIелим хилла волу IабдуллахI АшIарий хилла ву? Солихь АшIарий хилла ву? Абу бакар Халлал АшIарий хилла ву?
Абу Хьанийфатан мазхIабехь хилла волу, цуьнан мутIелим хилла волу Абу Юсуф, Мухьаммад бин Хьасан, Ибн ХIузайл АшIарий йа Матуридий хилла ву?
Цхьамо "хилла уьш ашIариташ" алахь, хаълахь, цунна Iилман хьожа а цакхетний. ХIунда аьлча, и вай мел хьахийна имамаш Абу Хьасан Ал-АшIарий вуьцуш хазале хилла имамаш болун дера. Уьш дуьненчохь болчу хенахь "АшIарий" боху кхетам хилла а бац. ТIаккха уьш муха хуьлу ашIариташ?!
Абу Хьасан Ал-АшIарий кхо бIаь шо дIаделчултIехьа кхелхина ву. Бакъдолуш, хьалхар кхаъ бIаь шарал аравелча бен тоба дина а дац цо. И виэ мазхIаб да хьалхар кхаъ бIаь шарчохь дIакхелхина ву. Уьш хIора а Iакъидатехь шайн даккхи белхаш долуш имамаш бу. ХIунда вац хIара ахь ваитнарг Iакъидатехь ШафиIий, йа Маликий, йа Хьанафий, йа Хьанбалий?!
ФикъхIунехь (галвелчий а хIумма доцучу хIуманашкахь) царна тIехьа возуш ву иза, ткъа Iакъидатехь (галвелча кхераме долчу йа кериста хуьлучу кхераме хIуманехь) и тайпа баккхий имамаш Iаддабитина, 40 шарахь кериста леттина, цултIехьа тоба деш, юха тоба деш, царал тIехьа хиллачу стаган тIехьа вазаралла сонта хIун ду?!
Доцца аьлча, Iилманца хIоттаделла доцуш, сонта къамел дукх цо дийриг!